Ӏакъидат Ӏилма
Ӏакъидат динах уггаре коьрта долу Ӏилма ду. Уггаре коьрта хилла ца Ӏаш уггаре хьалхара Ӏилма а ду и Ӏакъидат. И уггаре хьалхара Ӏилма хилар вайна билгалдолу Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) Йемане вахийтина волу шен геланче МуӀазе динчу къамеле вай хьаьвсича, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира-кх цуьнга:
«Дуьххьара ахь царна дуьйцун дерг хуьлийла-кх - Лекха волу АллахӀ цхьаъ вар. И цара къобалдахь, тӀаккха царна АллахӀа тӀедиллина долу пхиъ фарз-ламаз хилар дийца, и цара къобалдича закат дийца...», - иштта кхидӀа а.
Уггаре хьалха дуьйцуш дерг хӀун дара? Ламаз дацара, я къаьркъа хьарам хилар дацара, я закат дацара, я хьаж-цӀа вахар дацара, уггаре хьалха дуьйцуш дерг тавхьид дара, хӀунда аьлча, и тавхьид, и Ӏакъидат хьан нийса ца хилча кхидӀа дерг хьоьгара къобалдеш дац, кхидӀа дерг хьан хьожуш дац, толлуш дац. Ӏакъидат ю хьуна уггаре а коьрта хила езарг. И Ӏакъидат хьан яцахь, кхидӀа дерриге а ахь мел динарг, мел дика стаг хьо кху дуьненчохь хиларх, мел лерина хьо чекхваларх - и дерриге а цхьа а мах боцуш доьхна, дайна дӀадаьлла ду. Цундела уггаре коьрта долу, уггаре хьалхара долу Ӏилма ду и Ӏакъидат.
И Ӏакъидат Ӏилма уггаре коьрта долу Ӏилма хилар билгалдолу Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) Маккахь ша даьккхина долчу 13 шарчохь йийцинарг еккъа цхьа Ӏакъидат хиларца. Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) шен пайхамараллехь даьккхинарг а дацара дерриге а 23 шо бен, оцу 23 шарах дукхахйолу хан, ойла ехьа, Макки чохь яьккхина йолу 13 шо хан, и 13 шо деккъа цхьана Ӏакъидат Ӏилманна дӀаделира. Кху динехь деккъа цхьана хӀуманна дӀаделира - Ӏакъидат яра-кх иза. Цул тӀаьхьа Мадинате хӀижрат дина дӀавахча, цу Мадинатехь даьккхина долу 10 шар чу дерзийра кхидӀа дисина долу дерриге дин: закат, хьаж-цӀа вахар, гӀазот, маьждиг, рузба, Ӏийд. Ткъа Макки чохь даьккхина долу 13 шо дерриге нийсса цхьана Ӏакъидатна дӀадахара. Цо гойту вайна и Ӏакъидат уггаре а коьрта Ӏилма хилар.
И Ӏакъидат уггаре а сийлахь долу Ӏилма а ду Ӏилманашна юккъехь. Ахь муьлхха а Ӏилма схьалаьцча, дуьненан Ӏилма и хилча а ду и сийлахь, хьуна цахаарал а сийлахь во хьо, хьуна хааро, ткъа цу дерриге Ӏилманашна юккъехь уггаре лакхарчу тӏегӏан тӀехь ду, шен сийлаллица - Ӏакъидат Ӏилма. Ткъа хӀунда ду? ХӀунда ду и уггаре а сийлахь дерг? Муха хир дацара и уггаре а сийлахь дерг, цу Ӏакъидато хьуна вуьйцуш верг АллахӀ хилча, цу Ӏакъидато хьуна вовзуьйтуш верг АллахӀ хилча, АллахӀан хьокъехь хилча цо хьуна Ӏамош дерг, АллахӀан хьокъехь хилча цо хьуна хьоьхуш дерг, АллахӀан хьокъехь мегаш дерг, доцург, хила дезарг, хила ца дезарг, хила мегар доцург, хила мегар йоцуш йолу ойла а цхьаьна, цу Ӏакъидато хьуна дерриге цу АллахӀана гондахьа, цунах хотталуш дерг Ӏамош хилча.
И Ӏакъидат Ӏилма ду берриге элчанаша деънарг а, берриге элчанаша деъна долу Ӏилма, уггаре хьалха цара айбина йолу байракх и Ӏакъидат ю, церан кхидӀа ламаз-марха а, цу тайпа долу Ӏибадаташ тайп-тайпана хиллехь а, массара а йийцинарг, уггаре хьалха цара йийцинарг, уггаре коьрта церан лерина болу болх - иза Ӏакъидат хилла: шаьш деш долу лолла цхьана АллахӀана а бен ма де бохуш.
И Ӏакъидат ю стагана Делах кхерар даг чу дуьллуш ерг, стагана Делах кхера Ӏамош ерг, Ӏесаллах ларвала адамана Ӏамош ерг. Муха Ӏамадо цо аьлча, Ӏакъидат евзуш волчунна хууш хуьлу, АллахӀа шен белш тӀе хӀоттийна аьтто агӀора, аьрро агӀора дика а, вон а дӀаяздеш цхьацца малик хилар, ша ларвеш шена тӀехӀоттийна малик а хилар, оцу дерригенна тӀехулахь Сийлахь АллахӀ хилар, тӀаккха цуьнан ца хуьлу-кх цхьа шен къайленаш, цу дерригенах кхеташ волчун, и дерриге девзуш волу, цу Ӏакъидатан тӀум шен дагчохь йолчун къайленаш ца хуьлу, дӀо цхьа ша волчехь лелошши я шена ца бевзучу нахана юккъе вахча дешший - цу тайпа йолу къайленаш ца хуьлу, хӀунда аьлча, цунна хаьа ша, ша волчехь а ша ваций, шеца ша дийриг гуш маликаш дуй, оцу дерригенна тӀехулахь АллахӀ вуй ша дийриг гуш, хезаш а, хууш а. Иштта ша цавевзучу нахана юкъавахча а кхеташ хуьлу и, ша вевзурш буй, ша вевзуш шена тӀехӀоттийна маликаш дуй, АллахӀ а вуй цу дерригенал тӀехулахь, цундела ша вевзучу нахана юккъехь, ца вевзучу нахана юккъехь, ша волчехь а, нах болчехь а и даима цхьа стаг хуьлу, и ши юьхь йой лелаш ца хуьлу, хӀоккхахь цхьаъ, вукханхьа кхин - и мунепакъалла ца хуьлу цуьнгахь, и Ӏакъидат шегахь йолчуьнгахь, цундела цунна оцу Ӏесаллашна доза хуьлу хӀоттийна. Ткъа цо хӀоттош долчу дозано и Ӏесаллах ларваларе терра, цуьнан иман лакхадолу. Ӏесаллах хьо лар мел ло а, хьо дикачунна тӀе мел воьду а иман хьаладолуш ду, иман охьадолуш а ду. Муржииташа и хьала а ца долу, охьа а ца долу ма-баххара вай и олуш дац, вай цу Ӏакъидатехь дац, вайна тӀе харцо йийцахь а, вай дац цу Ӏакъидатехь! Иман хьо Ӏесачу хӀуманах ларваларе терра, вай хӀинца дийцина долчуьнца, хьаладолу, тӀаккха хьан иман хьаладаларе терра, хьан даг чохь Делах кхерар чӀагӀло.
Адамийн цакхетамаш, дуккха а, хаддаза лелаш долу питанаш, тайп-тайпана юкъаюьйлуш йолу тобанаш, хӀокхо цхьаъ дуьйцу, вукхо кхин дуьйцу, бакъ-харц мила ву а ца хаьа, со хьере ву, кху заманахь хӀун дан деза ца хаьа, деккъа цхьа ламаз деш дӀавахчхьана кхин сов долчуьнга цхьаьнге ла а ца дугӀуш ца Ӏахь, ша хӀун лело деза а ца хаьа бохуш, оццул холчахь ду адам, динах дерг довза лууш, динна тӀегӀерташ долу адам инзаре холчахь, инзаре хьере хилла лелаш ду шаьш хьаьнга ладогӀа, бакъ-харц мичахь ду, хӀокхара, вукхара къуьйсург хӀун ду, аша къуьйсург хӀун ду, шу дерриш мутаӀеламаш ду, шу дешна нах ду, аша шайна юккъехь барт хӀунда ца бо я шу цхьана хӀуман тӀе хӀунда ца догӀу бохуш, иштта цу адамийн ойланашка ахь ладоьгӀча, церан коьрта чохь долчунна «йа АллахӀ», олий, хьо холчахӀоттал, хьуна царах къахеттал хьолехь, баланехь ду адам, ткъа хӀунда и дерриге а? Дера ду цунна шен Ӏакъидат ца евзун дела.
И цу тайпа долу питанаш хир дуй вайна Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадисехь дийцина ма дара:
«Ӏаьржа йолчу буьйсанах терра, къемат-де дале хьалха хир ма ду кӀарул-Ӏаьржа буьйса санна питанаш, бусалба а волуш Ӏуьйренга ваьлларг юха сарале керста а хуьлуш, суьйренга волучу хенахь бусалба хилларг, Ӏуьйренга волучу хенахь керста а хуьлуш, наха шайн дин духкуш дуьненан цхьацца пайданех».
Дуьненан ахчанах духку цхьаволчо, вукхо машенах духку, вукхо бахамах духку, вукхо балхах духку, вукхо шен цхьана нахана юккъехь йолчу меттигах, сийнах духку, вукхо шен коьртехь волчух я шена хьалхаваьллачух духку, бес-бесара ду нехан и дохкар, дуьненан белхех бохура Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам), и дуьненан белхаш дукха ду нехан.
ХӀара дерриге а хӀунда хуьлуш ду? Дац нахехь и Ӏакъидат Ӏилма, нийсса дӀаваха некъ бац цуьнан, схьатӀедогӀуш долчу питане, схьагучуйолу йолчу тобане лерг диллина ладугӀуш Ӏаш ву иза, хӀинца хӀокхара хӀун дуьйцу-те, хӀокхара бохург муха ду-те, ванах, хӀинца хӀорш бу-те нийса, хӀокхара дуьйцург гуттар хаза ма ду, хӀокхара дуьйцург гуттар тамашена ма ду бохуш, схьагучуйолуш йолчу тобане ла а дугӀуш Ӏаш ву, хьал цуьнан муха ду аьлча, шен чаккхе ца гуш йолу, цхьанхьа хьун юккъехь вайна лелаш волчу стеган, шен некъ ца карош, Ӏаьржачу буьйсанна вайна лелаш волчу, тиладелла лелаш долчу адамах тера ду цуьнан хьал, ша муьлхачу агӀора ваха веза ца хууш, цхьана агӀора борз угӀуш хезча цу агӀора дӀавоьдуш, вукху агӀора шок локхуш хезча цу агӀора юхавоьрзуш, иштта дӀаса а хьийзаш, некъ ца карабо, мичахь бу некъ гуш дац цунна...! Ткъа Ӏакъидат Ӏилма дерг - иза а ву цу хьун юккъехь, цу Ӏаьржачу боданехь, и Ӏакъидат Ӏилма шегахь дерг а ву, делахь а, цуьнгахь компос ю-кх, гал ца волуш, са а ца гатдеш, нийсса шен дӀаваха, ша мича ваха веза хаа, цуьнгахь шен компос ю, и ду и Ӏакъидат Ӏилма тахана кху заманахь, цундела и чӀогӀа коьрта ду!
Кху заманахь юкъаюьйлуш йолу, хьо цхьа тоба йийцина я нахана билгалйина ваьлча, цунах дерг хьо нахана довзийтина а валале, цу юккъе бутт хан ялале керла тоба хеза хьуна юкъайолуш, цул тӀаьхьа кхиниг хеза хьуна, хӀинца-м кхин керла юкъаяла хир а ма яц аьлла, кхин керла ойла кхоллалур ма яц адамийн керла тоба кхолла аьлла хьуна мел чӀогӀа и иттазза хетча а, юкъаяла тоба йоцуш ца дуьсу, хӀоразза а юкъаюьйлуш, и тайп-тайпана кхетамаш хӀоразза а карлабуьйлуш дӀадоьдуш ду адамийн хьал, оцу кепара долчу питанина юккъехь адамана шен Ӏакъидат ца йовзар, иза чӀогӀа кхераме ду.
Ткъа Ӏакъидат евзуш верг оцу дерриге хьолехь сингаттаме вац, иза цхьана а балано лаьцна вац, и хьере а вац, цуьнан корта лозуш бац цу дерриге питанашна а, цу ерриге тобанашна а, хӀунда аьлча цунна шен некъ къеггина гуш бу, тай тоьхча санна нийсса шен новкъа дӀавоьдуш ву иза, гондахьа беттачара маьхьарий а бетта, тӀаьхьашха дечара гӀибаташ до, туьйсучара кӀел когаш туьйсу, амма хӀара нийсса шен новкъахула дӀавоьдуш ву, хӀунда аьлча цунна гуш бу шена некъ, ша мичара болийна а, цуьнан чаккхе мичахь ю а, дӀасахьийзина бац и некъ, цхьанхьа чу а вахана чохь сеца безаш бац и, цхьанхьа чухьийза урамаш долуш бац и, нийсса дӀа бу Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадисехь билгал ма-даккхара:
«ХӀара нийсса дӀа некъ бу, хӀокху тӀехула дӀагӀойша, (дехьа-сехьа сизаш хьаькхна), хӀокху чу ма эхалаш, хӀокху нийсса новкъа тӀехула дӀагӀойша»,
- бохура Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам), и некъ бу и Ӏакъидат некъ, и Ӏакъидат хьоьгахь хилча цу новкъа дӀавахало хьо, цу новкъа дӀаваха хаьа хьуна!
Тахана ахь муьлхха а схьалацахь, муьлххачуьнга а хаттахь, хьуна Ӏакъидат ца евзу алахь, хьуна реза а хир воцуш, верриге ву-кх Ӏакъидат евзуш, къамелаца ву-кх, шена ву моьттуш ву-кх, вац Ӏакъидат евзуш-м, нахана моьтту АллахӀ стиглахь ву аьлчхьана, я ша цхьацца бидӀаташ ца до аьлчхьана шен Ӏакъидат нисъелла, цу ерриге Ӏакъидатан Ӏалашо и ю, иза цхьа зама яра бакъдерг дийцича. Ткъа тахана (цхьаболчеран кхетамехь) Ӏакъидат йовзар хӀун ду? Хьо такфир деш хилчхьана, хьо Ӏакъидат евзуш ву-кх, и деш вацахь и Ӏакъидат евзуш вац, и муржиит ву-кх! Нахана юха а и ду моьтту, и дац цу Ӏакъидат юккъера эзар я цхьа миллион долчу хаттарх цхьа хаттар бен, кху цхьа хаттарх дерг кега а дой, иза схьа а лаьцна, и цу тӀехь нийса велахь-вацахь боху вай, нийса велахь-вацахь хьуна Ӏакъидат ма ца евзу, хьуна девзуш дерг цу Ӏакъидатера цхьа хаттар ду, хьо цу тӀехь нийса кхетта велахь а! Цундела Ӏакъидат бохучун чулацам боккха бу, Ӏакъидат бохучун чулацам, цуьнан го шуьйра бу, деккъа оцу хӀуманаш тӀехь чекхйолуш яц и.
Ӏакъидат, мелхо а, хьуна Делах кхера Ӏамош ерг ю.
Тахана ма го вайна Ӏакъидат нийса ю шайн бохуш, шаьш бен бусалба а ца хеташ болу нах хӀума лачкъош а, гӀийбат деш а, нехан къайленашна тӀекхийдаш а, ямартлонаш лелош а, шалхонаш лелош а, харцдерг дуьйцуш а - и шадерг хӀунда ду? Яц цунна евзург Ӏакъидат, цуьнгахь Ӏакъидат яц, и мелхо Ӏакъидат цахилар ду, Ӏакъидат елхьара цуьнгахь хӀара хӀуманаш хир ма дацара!
И Ӏакъидат-м цхьанна такфир дар, АллахӀ стиглахь ву алар, хечин ког хьалакарчор, хьенех бидӀат деш ву алар - и ма яц и Ӏакъидат, уьш цу юккъера цхьацца хӀуманаш бен дац, уьш а нийса лело хаа дезаш ду, царах нийса кхеташ везаш а ву!
Ӏакъидато хьуна уггаре хьалха бан безаш болу пайда - хьан дагна бан безаш бу. Хьан дагна бан безаш бу хьуна Дела вовзийтарца, тӀаккха хьан Делах кхерар совдер долуш, цу Делаца йолу марзо хьан чӀагӀлур йолуш!
Ткъа и Ӏилма (Ӏакъидат) хьуна хуьлуш дац ахь мел дукха шайх-гугле хеттарх, мел дукха шайх-ютубе ахь ладегӀарх, мел дукха ахь цхьацца яздина долу йозанаш дешарх я киншкаш хилийта, вайн матте, оьрсийн матте яьхна йолу, ахь уьш ешарх, хӀунда аьлча хьо Ӏакъидатан киншка йоьшуш ву, масала, хӀинца вай доьшур долу жайна я кхин муьлхха а кху вайн программи юккъехь нислур ду цхьа жайна, масала, ахь дешна долу жайна нислур ду кху юккъехь, и жайна ахь доьшучу хенахь хьуна ца хаьа, охьа а хиина, айхьа, оьрсийн матте даьккхина долу жайна доьшучу хенахь, хьуна ца хаьа, цу юккъехь бух боцуш дерг ду я дац, делахь, и мичахь ду а, хьо айхьа доьшучух нийса кхеташ ву-вац а, хьо муьлха кхетамца кхетар ву а, хьан хӀун кхетам бу хьо цунах нийса кхета а, хӀун кхетам бу бохург муьлхачу маьӀнехь бохуш ду аьлча, цхьа тӀе нехаш хьокхуш бохуш дац, делахь а, хӀора адаман шен дахарехь лелош цхьа некъ бу-кх, верриге ма вац Ӏилманча а я Ӏилманан новкъа лелла а, цхьаверг болх беш ву, и белхаш масане ду тӀаккха, хӀораннан бес-бесара ду, важаверг цхьа а хӀума деш вац, важаверг садоӀуш ву, важаверг леташ ву, важа водуш ву, тайп-тайпана ду нехан некъаш, тӀаккха цу шен дахаран некъе хьаьжжина кхета муьлхха а адам цу шега деш долчу къамелах я ша доьшуш долчу хӀуманах, ткъа ахь Ӏакъидатах кхета хьо аьлла я кхета воллу, йовза воллу аьлла хьо-хьуо кера жайна а лаьцна охьахиъча, хӀинца цу хьайн дахарехь айхьа дӀахьуш болчу некъаца, цу некъан бакъонашца, цу некъан кхетамашца кхетар ву-кх хьо цунах, и хир ю-кх хьан Ӏакъидат. Цундела и Ӏилманан некъ бац.
Ӏилманан некъ - хьалххе дуьйна схьабогӀуш бу шен низамехь, цхьаьнгара схьаэца дезаш и Ӏилма, и Ӏакъидат цхьаьнгара схьаэца езаш, шеггара кхоллалуш яц иза я охьа а хиина айхьа киншкаш ешча хуьлуш а яц иза, айхьа киншкаш ешча хьоьгахь шортта хаамаш-м хир бу, ахь уьш алсам мел йоьшу а, цу Ӏакъидат хьокъехь, амма хаалахь, бух берг, боцург, хьо нийса кхеттарг, ца кхеттарг дукха кегарш хьан цу юккъехь хир дуй, цхьаъ. ШолгӀа делахь, Делах кхерар, иман бохуш йолу агӀо цхьана а кепара меттахъяьлла хир яций, и ша ма-ярра хир ю хьан, ахь охьа а хиина йоьшуш йолчу оцу киншкийн агӀоно хьан и меттиг меттахйоккхур яц, и агӀо цу дагах хьакхалур яц хьан, цундела и Ӏилма цхьаьнгара схьаэца дезаш ду, и Ӏакъидат цхьаьнгара схьаэца езаш ю, суна евзу и бахарх тоьуш дац, цу Ӏакъидат юккъера цхьацца хаттарш тӀе а кхийдаш, цу юккъехь ахь къамел дарх хуьлуш дац и Ӏакъидат йовзар, и Ӏакъидат йовзаро хьуна коьрта Ӏамо дезарг - Дела вовзар ду.
И Дела вевзича бен, хьуна веза ца веза, И Дела хьуна везча а бен аттаче ца долу хьуна цу Далла гӀуллакх дар я цу Дала бихкина болчу некъах ларвала а!
Ткъа везий хьуна и Дела? Сих-сиха хӀоттадо вай и хаттар. Везий хьуна И Дела? Муьлххачо а эр ду: «Веза дера-кх», - хаттар дина а валале лур ду жоп, веза дера шена Дела аьлла, ас масалина даладо даима а, дӀалаца кехат, къолам, дӀаязде хӀинца хьайна веза бохуш волу хьайн Делах лаьцна хьайна мел хуург, хьажа тховссехь охьа а хаий хӀора а, цу Делах лаьцна яздан мел хӀун девзу хьайна, хьажа, хьуна пайде хир ду хьуна, дика а хир ду хьуна иза, юха вай шина шаре довлахь, тӀаккха кхин цкъа а хьожур ву хьо, дуьххьара дешар долалучу хенахь хьайна Дела мел вевзура, и кехат тховса я кхана яздай дӀадилла, юха ши шо чекхдаьлча кхин цхьа кехат эцна юха а охьахуур ву хьо, хӀинца хӀун девзина суна, хӀун тӀекхетта суна сайн Делах лаьцна аьлла, тӀаккха а хьайна мел девзург дӀаяздийр ду ахь цу Делах лаьцна, тӀаккха хуур ду хьуна айхьа хӀун Ӏамийна а, хьайна хӀун пайда хилла а.
Эццехь гучудер дара хӀоранна а цу тӀе яздан Делах лаьцна цхьа кехат дуьзна а шен хӀума ца хилча.
ТӀаккха хӀоккхул бен хьайна вевзуш воцуш волу Дела хьайна веза боху ахь? Хьо харцдерг дуьйцуш ву, хьо аьшпаш буьттуш ву, хьо айхьа-хьуо Ӏехош ву! Ахь со Ӏехорх-м хӀумма а дац, со Ӏехорх-м дита, делахь а, вай вовше Ӏехийна а ца Ӏаш, ша-ша Ӏехош марзделла ду вай цу хӀумане, цу хьо Ӏехочера самаваьккхича стаг реза а ца хуьлу хьуна, ахь и бакъдерг, ма-дарра дерг, цу адаман лазар ахь дӀадийцича, цу лазарх и самаваккха Ӏалашонца ахь и меттахдаьккхича адам хьуна реза а ца хуьлу, хьо шена цхьаъ ала гӀерташ, хьо шена Ӏуьттушший, хьо шена бохуший бохуш, хьуна мера кӀел а детташ хуьлу адам.
Адамийн хьал ду и иштта, ма-дарра аьлча вайн хьал ду иза, вайнахана юккъехь долу лазар ду иза, вай даима хьеста Ӏаьмма ду, дерг ма-дарра билгалдаккха Ӏаьмма дац, хӀуу делахь а, хӀаъ, хьо а бакъ ву, дӀо, вайн кица санна лелаш дийцар, вайх хӀоранна а хезна а девзуш долу: «Цхьана моллина тӀевахнера шиъ, къовсаме ваьлла волу, цу моллас ла а доьгӀна, хьо а бакъ ву, вукхуьнга а хьо а бакъ ву элира, дов дӀаделира», - дийца а муха дуьйцу и, вайна юккъехь лела а муха лела и, и чӀогӀа говза молла хилла, питана дӀадаккха хиъна цунна, цунна питанна дӀадаккха ца хиъна, цунна харцо йийца хиъна, оцу кепара долу туьйра делахь, ца хаьа и боккъал леллачу тӀера схьаэцна ду, амма харцо ю цу моллас йийцинарг, и боккъал делахь а!
Ший а бакъ хила йиш ма яц, хила дезарг - бакъ верг бакъ ву, харц верг харц ву! Ткъа вай иштта ала Ӏемина дац, вай харц волчуьнга а хьо бакъ ву, бакъ волчуьнга а бакъ ву ала Ӏемина ду. Цундела тахана ахь харц волчуьнга харц ву аьлча и хьох лата гӀерта, и хьуна реза вац, хьуна лен а лоь и, хьуна чу а гӀерта, цо шена Ӏиттарш ма е олу хьоьга. Ва, со-м вац хьуна Ӏиттарш еш, со бакъдерг дуьйцуш ву, со бакъдерг дуьйцуш велахь, и хьуна Ӏитталуш делахь, тӀаккха хьоьгахь харцдерг ду, тӀаккха ахь нисдехьа хьайгара и харцдерг, хӀа, и ца лаьа, бакъ ву олуш, ша хьаста а хьостуш, хьо саннарг ван а вац баха лаьа нахана.
Дела хьуна вевзуш цахиларо хьуна Иза веза ца волуьйту, И веза бохуш Ӏеха-м до вай вовше, вовше-м Ӏехор дара вай, дика ду, амма айхьа-хьуо ма Ӏехаве, ахь хьо Ӏехош вуй ас хьуна билгалдоккху хьуна, ас хотту хьоьга, цхьа Нейкин, дукхавезий хьуна и боху ас, хӀоранна а жоп хаьа-кх вайна, нагахь шен жоп иштта дац бохучо схьаалийша и, сайниг иштта дац алий, суна хаьа билггал, ладугӀуш волу хӀораннан жоп муха ду, ца веза дера суна-м эр ду, ас боху тӀаккха, хӀунда ца веза хьуна и, аша хӀораммо а эр ду, суна хӀун диначунна везар ву иза, суна и вовза а ца вевзу - адамийн хьал ду и иштта, шена девзуш доцуш долу хӀума дезаш дац, деза йиш а яц, дезалуш а дац шена девзуш доцуш долу хӀума, шена девзуш доцуш долу хӀума ца дезало адамана, тӀаккха хьайна вевзуш воцу, цхьана кехат тӀе яздаллал хьан хӀума а доцуш волу АллахӀ ахь хьайна везаш бохуш хилча, хьо айхьа-хьуо Ӏехош ма ву, айхьа-хьуо Ӏеха а веш, айхьа-хьуо жоьжахате кхуссуш ма ву хьо!
Хьуна И веза везаш ву, АллахӀ хьуна везаш вацахь, Цунна хьо муха везар ву?! АллахӀана везаш воцуш ялсамане ваха меттиг бу аьлла хетий хьуна хьайн?!
И хӀуманаш даг чу дӀа а диллина, вовше Ӏеха а деш Ӏаш ду, везий хьуна АллахӀ аьлча, веза АллахӀ, ва, муха ца веза АллахӀ эр ду хьоьга муьлххачо а, хьайга хатта иза, соьга а ца хоьттуш я соьга а ца дуьйцуш хьайга хатта иза хьайна мел веза АллахӀ алий, ахь веза бахахь, ас хӀинццехь кера кехат, къолам ло хьуна, дӀаязде цу АллахӀах лаьцна хьайна мел девзуш дерг, цхьана кехат тӀе яздан а хьан хӀума дацахь, соьга ахь кхин ма ала хьайна АллахӀ веза, хьо пуьчаш буьттуш ву, ахь мукӀарло де куьзган чу а хьажий, хьо пуьчаш буьттуш ву, хьуна ца веза АллахӀ алий.
ХӀунда деш ду хӀара мукӀарло? Вайн Ӏалашо яц хьо охьатаӀор, хьуна АллахӀ ца веза, хьуна АллахӀ ца вевзу аьлла хьо охьатаӀор яц вайн Ӏалашо, вайн Ӏалашо - хьо кхетор ю, хьо кхета ца кхета хьайн гӀалатлонна хьо цкъа къера хилча а бен, ахь цунна мукӀарло дича а бен!
Суна сайн АллахӀ ца веза, суна ца веза Иза, тӀаккха хӀун ду ца везахь? Ца везахь-м АллахӀана со а везар вац, ткъа АллахӀана со везаш а воцуш суна ялсамани кхача меттиг а бац, хьал-м кхераме ма ду тӀаккха, делахь тӀаккха хьуна веза веза-кх Иза, ткъа везавалийта ахь хӀун дан деза? Вовза веза И АллахӀ! "АллахӀ веза, АллахӀ веза" бохуш, ахь керла суьлхьанаш лаьцна "АллахӀ веза бахарх" я ахь кера суьлхьанаш лаьцна «АллахӀ, АллахӀ, АллахӀ» бахарх хьуна везалур вац Иза, вовза везаш ву Иза, хьуна "АллахӀ" бохучехь доллуш долу маьӀна довза дезаш ду. «АллахӀ» ахь багахула олучу хенахь, хьан даго схьаала дезаш ду иза, хьан дагчуьра хьаладала дезаш ду и "АллахӀ".
"АллахӀ" - ерриге цӀерш чулоцуш йолу АллахӀан еза-йоккха цӀе. Мел дог меттахдолу хьан АллахӀ цӀе йоккхучу хенахь? Мел даг тӀехь марзо хуьлу хьуна И АллахӀ ахь вуьйцучу хенахь, И АллахӀ ахь хьахочу хенахь? Дац и дерриге а! ХӀунда? Хьуна ца вевзу АллахӀ, хьуна И вевзуш цахиларе терра хьуна ца веза Иза, ахь веза бохуш хьуо а, нах а Ӏехабо, хьуна ца веза Иза, хьо къера хила веза цу хӀуманна цкъа дуьххьара, хьайн гӀалатло нисъяр ю хьан Ӏалашо, и нисъярхьама хьо къера хила веза, хьо къера ца хилча, хӀан-хӀа, суна веза АллахӀ бохуш хьо хилча, тӀаккха хьуна веза-кх Иза, хьуна везаш хилча-м тӀаккха хьуна И хӀун диначунна вовза везаш ву, хьуна И иштта везаш хилча, и хьуна оьшуш дац, тӀаккха хьайн веза а везаш дӀаӀехьа, амма мел веза хьуна-хьайна ма хаьий, суна ца хаьа, дика ду, хьуна хаьа хьайна АллахӀ мел веза, хьайга хаттахьа куьзган чу а хьажий, эхь ца хета хьуна харцдерг дийца алий, нах-м Ӏехабора ахь, хьуо Ӏехо эхь ца хета хьуна алий, къера хила хьайн гӀалатлонна! Везий хьуна Нейкин? Ца веза, тӀаккха АллахӀ муха веза хьуна? Нейкин а, АллахӀ а цхьаъ ву, масала, хьуна вовзаре диллича, хьуна иза а ца вевзу я хӀара а ца вевзу, тӀаккха хьуна Нейкин ца вевзу я АллахӀ ца вевзу, иза а ца вевзу хьуна я хӀара а ца вевзу, делахь а, и АллахӀ ца веза ала цхьа тарлуш хӀума доцун дела И веза олу-кх ахь, Нейкин суна мила ву ца хаьа олу ахь, чӀогӀа коьрта хӀума ду и, чӀогӀа лазаме хӀума ду и, къера а хилий, суна АллахӀ ца веза, ца везахь АллахӀана со а везар вац, ткъа АллахӀана со везаш а воцуш ялсамани ваха суна некъ бац, тӀаккха-м болх кхераме бу, тӀаккха дан дезарг хӀун ду, АллахӀ везавалийта веза-кх ас, ткъа муха везалур ву Иза? Кера суьлхьанаш лаьцна "АллахӀ" бахарх везалур вац я "АллахӀ дукхавеза" бахарх а везалур вац, И АллахӀ вовзарца везалур ву-кх, Цо хьайна дина долу диканаш довзарца дӀахӀуттур ду-кх дагчохь АллахӀ везар, дӀадолалур ду-кх хьан АллахӀ везар.
Ткъа хьуна АллахӀ веза волавелча, И веза хьуна мел волало а, И везар хьан сов мел долу а, тӀаккха схьадогӀуш ду и Далла деш долу гӀуллакх дан атта хилар.
Ахь ойла йой, ян а йиний ахь цкъа а, хьан хӀунда яц ламазца марзо? Ламаз дина воллушехь хӀораммо а вайх деш дерг, хьажалахь хӀинца, хӀара ас деш дац алий цкъа иштта тӀелаца хьайна, хӀинца ас эр дерг хӀан-хӀа, ас-м ца до иза, хӀораммо а ма баха алий жоп ло суна айхьа, ас ахь деш дерг дӀаолу хьуна, тӀаккха хьуна хуур ду хьуна и айхьа деш дуй, ламазе хӀутту хьо, ламазехь «ассаламу Ӏалайкум», цхьана агӀора делла вукху агӀора «ассаламу Ӏалайкум» олучу хенахь хьан корта схьабирзина а ца хуьлу ахь кисанара телпо хьалайоккхуш, ткъа хӀунда? Хьан яц марзо цу ламазца, хьуна ламаз дац оьшуш дерг, хьуна оьшуш дерг хьо бусалба ву, тӀаккха бусалбачо пхи ламаз дан ма дезий, ца дича тӀаккха цхьа зӀок етта-кх ахь! Хьан хӀунда яц и марзо сужудехь вехха Ӏан? Хьуна хӀунда ца кхета сужудехь наб? Хьуна хӀунда ца кхета рукуӀехь наб? Хьо ламазе хӀоьттича когаш чохь латта са доцуш, Зайнаб санна муш тӀе а кхозалой, пена тӀе дӀатаьӀна, Ӏасанна тӀетевжина хьо хӀунда ца Ӏан? Хьан яц марзо. Хьуна ца хаьа ламаз деш хиларан маьӀна. ХӀунда деш ду а, Хьанна деш ду а. Хьанна деш ду? АллахӀана деш ду. АллахӀ мила ву? Ца хаьа, хьан бала а бац, хьуна девзуш дац и дерриге а, цундела хьан яц дагчохь марзо.
ХӀунда хилла иза дӀо заманахь, дӀо заманахь аьлла цу заманахь дӀадаьлла а ма дац иза, тахана вайн заманахь а долуш долу хӀуманаш ма ду уьш, и АллахӀ вевзучу нахехь, тахана а цхьаьна долуш долу хӀуманаш ма ду уьш!
Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) цхьаьна, цу замане вай юхадевлча, Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) когаш чу цӀий хӀотталц ламазехь хӀунда лаьттара? ДӀа мел даханчу а, тӀе мел догӀучу а къиношна шена гечдина доллушехь, ялсаманица баьккхина кхаъ боллушехь, пайхамаршна юккъехь, элчанашна юккъехь уггаре хаьржинарг, Адаман тӀаьхьенан Эла верг, уггаре хьалхара верг ша воллушехь хӀунда лаьттара буса сахиллалц ламазехь, когаш чу цӀий хӀотталц, когаш лелххалц, мархийн баттахь ма дацара иза, ткъа вай мархийн баттахь а, шарчохь цкъа богӀуш болу цхьана мархийн баттахь а ца латтало, шена чохь оццул еза буьйса йолуш болу, ткъа иза мархийн бутт боцучу хенахь къанвелла, могшалла эшначу хенахь а лаьттара иштта! ХӀунда?
Тахана хьан хӀунда яц и марзо? Ткъа Пайхамаран а (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам), цуьнан асхьабийн а садаӀар хӀунда дара иза? СадаӀийтахь вайга, хӀай Билал, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлча, сурт хӀоттадехьа, хӀун кхета хьо цунах? ХӀун деш хир дара аьлла хета хьуна Билала? Цхьаьна хевшина Ӏаш бу, садаӀийтахьа вайга, Билал боху Пайхамара, хьалхаваьлла куьйгалхочо. ХӀинца Билала воьдий мотт буьллура, я довха чай дохьура, я кхоллург йохьура, я мала шийла хи дохьура, довхачу дийнахь? И дерриге а ца дора! Билала дӀа а хӀуттий къамат дора. ТӀаккха хӀокхара дӀа а хӀуьттий ламаз дора.
Муха, садаӀа ламазе хӀутту? Вайна-м ламаз дича садаӀа ма деза дӀа а таьӀна цхьажимма, ламаз дина девлча вай дӀа а таьӀна садаӀа ца деза? Ламаз дина девлча вай телпо хьала а яьккхина цхьажимма ламазо коьрте беана болу бала дӀабаккха, жимма телпо чу довла ца деза, хьан хӀун язйина, хьамма схьатоьхна хьовса?!
Ткъа дӀогахь нийсса бӀостанехьа хӀунда дара? Цигахь и бала коьрте беъча, и хало коьрте еъча садаӀа ламазе хӀотта хӀунда везара? И дара и Дела везар! Ткъа хӀунда везара? Вевзура царна. Кхойтта шарахь Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьехнера иза.
Цундела ма бохура Ӏаишата а (АллахӀ реза хуьйла цунна):
«Пайхамара дуьххьара шега пайхамаралла дуссучу хенахь аьллехьара, хӀара хьарам ду шуна, хӀара хьанал ду шуна, хӀара Ӏаддадита, хӀара хьарам ду шуна, валлахӀи, наха эр ма дара: «Дуьтур дац шаьш, валлахӀи дуьтур дац шаьш цхьа а хьарам дерг дуьтур ма дац я цхьа а хьанал лардийр ма дац».
Амма Пайхамара Маккахь 13 шарахь нахана ялсамане, жоьжахати, Делах дерг, Ӏакъидат йовзийтира.
ТӀаккха цул тӀаьхьа церан хьал муха дара Мадинатехь ойла ехьа хӀинца. Вайна девзуш ма-хиллара, дуьххьара къаьркъа малар хьанал дара, и хьанал долуш, шайн къаьркъа а молуш, юха цул тӀаьхьа Пайхамарца (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ламаз деш, гӀазоте а боьлхуш лелаш болу асхьабашна АллахӀа аят доссадо тӀаьххьаре а: «Аша Ӏаддадуьтий и къаьркъа?! Шу юхадерза дагахь дуй?!», - олий. Аят доьссина, къаьркъа хьарам дина, хьада, вало, кхайкхар де нахе, Мадинатан урамашка мохь тоха, къаьркъа хьарам диний хаийта нахана, аят дӀа а доьшуш олий, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) шен геланча аравоккху. ДӀа мохь бетта волало геланча, къаьркъа хьарам диний хаийла шуна, АллахӀа доссийна долу аят дӀа а доьшуш, къаьркъа молуш волу Микъдадана, Анаса вайна ма-дийццара, къаьркъанан кад бете берзийна молуш волу, Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) геланчо мохь бетташ хеза, къаьркъа хьарам дина шуна тахана чул тӀаьхьа, аят доьссина шуна, «Шу юхакхетий цунах?!», - боху Дала, аьлла, шена схьахеззашехь, хӀара хьалаберзийна болу кад тӀаьххьара дӀа а мелла, я дӀо лаьтташ долу черма (бочка) чекх а даьккхина, я бутт баьлча, тӀедогӀучу шарахь, керлачу шарахь дуьтур ду - дацара, и дерриге а вайн хӀуманаш ду, АллахӀ а, Пайхамар а цавезаш долу вайн хӀуманаш ду уьш, веза бохуш ваьш Ӏеха а деш цавезаш долу вайн хӀуманаш ду уьш, АллахӀ а, Пайхамар а везаш болчу асхьабаша, И ший а вовза а вевзина везаш вара царна, цундела цу АллахӀа бохург схьааьлий, чекхдаьлла, «хези, муьтӀахь ду», чекхдаьлла, кхин къамел дан а дацара цу хьокъехь, охьаберзийра Микъдада кад шен бетера, цхьа аят ма доьссинехь!
Ткъа хьуна хаьий, маса миллион доьхкина Америко шайн махкара къаьркъа дӀадаккха гӀерташ? Вайн цӀахь а, тахана а цхьаьна дохка магош сахьташ хӀиттош, тӀаккха а и низам нис ца далуш, оццул шога Ӏедало агӀонаш лелийча а, нис ца далуш, ткъа Мадинатехь Пайхамаре-м нисделира иза, цхьа аят доссийра: «Шу юхадоьрзий цунах?!», - дӀадели къаьркъа, кхин дац Мадинатехь, урамашкахула охьадоьдуш а бен, урамашкахула охьаӀанийна а бен!
Ткъа церан цу къаьркъанах дӀаболар, цу къаьркъанца церан йолу марзо, церан цунах дӀаиэбалар муха дара, цунна ойла йиний ахь? Тахана хийла нисло-кх, керста нахана юккъехь Ӏаш верг кхин дика а кхетар ву цу хӀуманах, туькана вахча, туьканара арабовлуш ворда юьззина чудоьттина церан къаьркъа хилча, хьажа, ворда юьззина къаьркъа эцна воьдуш верг бохуш, нах цецбуьйлу, и хӀумма а доцу хӀума дара асхьабаша и муха молура хьо хьаьжча, хӀокхеран ворда юьззина кегий литр, ах литр йоьду банкеш бен яц, керста наха молуш ерг я шайн чухьуш ерг, ткъа Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам аьлла) асхьабийн чохь лаьтташ дерг черманаш (бочканаш) дара, черманех дуьззина къаьркъа дара церан чохь лаьтташ, и дерриг къаьркъа дӀаохьатуьхийра, дӀаӀанийра уьш Мадинатан урамашкахула, цхьа аят ма-доьссина, цхьаллиг-цхьа миллион ца дайира, цхьанна а гӀожмаш ца йиттира, цхьа а шога Ӏедал ара а ца даьккхира, гӀожмаш етташ, дӀадаккха къаьркъа, охьаӀанаде, дохаде черманаш (бочканаш), нахана чу а оьхуш талламаш бе чохь - цхьаллиг-цхьа Ӏедалан белхало ара ца велира Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) эскарх, цхьа аят доьссина шен геланча вахийтира-кх хаам беш, аят доьссина шуна, шайна хеттарг дайша, аят ду шуна хӀоккхахь, аято боху шуна, дӀадели къаьркъа Мадинатера - и яра и Ӏакъидат, цу Ӏакъидато балийна бара уьш цу тӀе.
Деккъа цхьана къаьркъанна тӀехь дацарий и масал-м, кхечанхьа гӀазотехь Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) Ӏела байракх елла дӀахьажочу хенахь, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира: «ДӀавало, гӀазот де, дӀаса а ма хьийзалахь», - аьлла. Кхеташ ду вай дӀаса а ма хьийзалахь бохург нийсса робот санна дӀагӀо бохург даций, делахь а, Ӏелина нийсса робот санна дӀагӀо бохург дара-кх и, цхьана Ӏелина дацара и, берриге асхьабашна а дара-кх и иштта, робот яра-кх иза цул тӀаьхьа, Пайхамара бохий и, даьлла-кх, робот ю-кх иза!
ТӀаккха хаттар кхоллало-кх дӀавоьдуш волчу Ӏелин, байракх схьа а эцна, Пайхамарна (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) букъ берзийна дӀаволалушшехь, ша хӀун аьлла дан дезаш ду гӀазот олий, ткъа Пайхамара дӀаса ма хьийза ма аьллий, хӀинца Пайхамар букъ тӀехьа ма ву, цуьнга хаттар муха дан деза, ша ма-варра дан деза-кх, ва, хӀунда? Пайхамара дӀаса ма хьежа аьлла, ва, иштта ма ца боху, сан бала а бац, ишттий, вуьшттий, уьш вай къестош долу хӀуманаш ду, Пайхамара соьга иштта бохий, чекхдаьлла-кх иза, Ӏелас ша ма-варра, юха а ца воьрзуш, хӀунда аьлча Пайхамара дӀаса ма хьежа ма аьллий, юха а ца воьрзуш Пайхамаре хаттар до-кх, хӀун аьлла де боху ахь гӀазот, мича тӀе кхаччалц, хӀун ду, Ӏалашо хӀун ю шен, шен хаттар дой, Пайхамара жоп лой, цара "ла илахӀа иллалахӀ" аллалц де олий, дӀавоьду Ӏела.
Дукха ду цу тайпа долу масалш.
СхьавогӀу кхиволу асхьаб, Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) маьждиг чохь хьехам беш волуш, нах лаьтташ, хевшина Ӏаш шена гича, охьаховша олу Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам), дӀо чувогӀуш, маьждиг чу а кхачаза асхьаб ву, цуьнан лергашна дӀахеза Пайхамара охьаховша олуш, хӀара ша ма-ваггӀара ченала, малх юккъе охьахуу ваха а воьдий, дукха дика ма хаьа цунна тахана хьуна а ма-хаъара, цо и шега ца бохурий, делахь а, и соьга бохурий, хьенехе бохурий, и вайн болх бу, Дела а ца вевзуш, Пайхамар а ца вевзуш, везар а доцуш болу вайн болх бу иза, Дела а, Пайхамар а вовза а вевзина, уьш везаш болчу нехан болх кху кепара бара, охьахиира ша ма-ваггӀара, ченала охьахиира и, юха араваьлла Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ша дийриг дина а ваьлла, дӀавоьдучу хенахь хьалагӀаттаво и ченалара, хьо хӀун деш ву кхуза ченалахь, ва, со схьавогӀуш вара, ахь охьахаа аьлча охьахиира-кх ша, хьуна а ма хаьа и тахана ладугӀуш волу цо цуьнга ца бохурий охьахаа, делахь а, бала а бацара цуьнан, охьахаа бохий Пайхамара, чекхдаьлла-кх!
Тахана ахь Пайхамара боху хӀара, хӀара иштта дан дезаш ду аьлча, и кхето, и меттавало, и чӀогӀа Ӏакъидат ерш буй, гоьллелц мажий, гӀода-юкъа кхаччалц хьалакарчийна хечин когашший берш, цаьрга хьан дукха къамел дан деза хӀара суннат ду, ахь и дича хӀара хуьлу, ца дахь хӀара хир ду хьуна, цуьнан ял оццул ю хьуна, вукхуьнан кхин ю хьуна бохуш, тӀаккха цхьа иштта хьан дийца хӀума дацахь, хьадисехь хьахийна хӀума дацахь, тӀаккха цуьнан дог ца догӀу, хӀунда? И деш волчуьнан марзо яц цу Делаца, ца вевзу цунна шен АллахӀ а я Пайхамар а ца вевзу цунна, иштта мел ду уьш...
Дийнна шарахь, буса сахиллалц ламазе хӀитта безаш, тахӀажжуд-ламаз фарз дина Пайхамарна, цуьнан асхьабашна тӀедиллина, оцу кепара халонехь, керста наха хьийзош бохкуш болу, дено-сарралц Ӏазапехь воллуш, юха буса сахиллалц ламазехь латта везаш - лаьттара-кх уьш... ХӀора буьйсанна маьждиг чу а воьдий, шина ракаӀатехь Къуръан чекхдоккхура-кх Ӏусмана... Бахам Делан новкъахь дӀахьажабора-кх цо чот йоцуш, цхьа а хьесап доцуш!
Абу-Бакре, хьайн доьзална мила вуьту ахь аьлча, царна АллахӀ а, Цуьнан Элча а витина ша, чохь мелболу бахам бохьуш схьавеъча, шен берриге ах бахам бохьуш схьавеана волу Ӏумар, тахана-м Абу-Бакрал хьалхаволу хьуна ша аьлла, и ша схьабохьуш болу ах бахам цо муха беара аьлча, шен мелдолу хӀума нийсса юккъехула доькъуш ах бахам схьа а эцна, схьавогӀуш волчу Ӏумара шен хӀусамненан лергахь йохкуш йолу чӀагарех цхьаъ схьаяккха аьлла, шен хӀусамненан лергара чӀагар цхьаьна эцна вахана волу Ӏумар, юха Абу-Бакр схьавогӀу-кх шен берриге бахам бохьуш, Пайхамара хьан чохь доьзал бац, царна хӀун дитина ахь аьлча, царна АллахӀ а, Цуьнан Элча а витина ша олуш!
Ӏусмана Табук гӀазоте эзар эмкал кечъеш, ойла ехьа, эзар иномарка ю иза таханлера заманахь, цхьа машен яц цо сагӀина дӀалуш ерг, эзар ю, и эзар а яц деккъа хӀахӀ, хӀара машен ю шуна дӀайига чу бензин доттахь, солаьрка хийцахь, кхидерг дан дезахь аьлла дӀалуш яц цо иза, и шен дан дезарг дерриге а дан а дина, чу бак юьззина бензин доьттина, багажник чу йилла езарг юург, тӀеюхург-когаюхург, шадерг чу а диллина, чу а хиина дӀахаьхкичхьана йолуш, кхидӀа шадерг цу чохь долуш кечйина дӀахӀоттийна эзар. Ткъа муха дина и белхаш? Иштта дӀа чаккхе яц цу белхийн. Муха хилла церан цу дерригенца а марзо? Муха даделла цаьрга иза?
Асхьабашца Бадр гӀазотехь Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дагавуьйлуш, хӀун де ша, хӀун аьлла хета шуна бохуш, схьабогӀуш болу Къурайшийн тайпанан нахана тӀелатар, ца латар хьокъехь дагавуьйлучу хенахь, схьабаьхкина болу Къурайшийн тайпанах болчара, Маккара схьабаьхкина мухӀажираш тӀом бан шаьш кийча хилар, шайн дог-ойла чӀогӀа хилар довзуьйтуш, цкъа а, шозза а, кхузза а цара аьлча, юха а Пайхамара хоттуш, тӀаккха ансарех волу СаӀда олу-кх: «Хьо тхоьгара жоп дезаш волуш санна ма хета суна». Ву ша, хӀунда аьлча мухӀажираш цхьа кӀеззиг бен бац, Мадинатера болу ансараш бу хӀинца кхуьнца кхузахь берш дукхахберш, тӀаккха зен хилахь, эшам хилахь, хӀуа хилахь а, ансарийн гехь буьсур болуш а бу, хӀунда аьлча хӀорш юханехьа цу Мадинате дӀабаха безаш ма бу, тӀаккха цаьрца гӀиллакх, ларам хьалхабоккхуш Пайхамар цаьргара жоп дезаш ву-кх.
ТӀаккха жоп ло-кх СаӀда, жоп муха ло аьлча, дерриге дуьне цецдоккхуш:
«Оха эр дац хьуна, хӀай Делан Элча, Мусан къомо Мусага ма-аллара «дӀавало хьо хьайн Делаца дӀа а гӀой тӀом бехьа, тхо хӀоккхахь хьоьжуш Ӏийр ду хьуна». Оха мелхо а, хьоьга боху: «ДӀавало, хьайн Делаца тӀом бе, тхо хьоьца ду хьуна». Хьо, хӀара хӀорд буй вайна тӀехьа болу, хадош цигашхула чекхвала гӀерташ велахь, тхох цхьаъ юхаваьлла хьуна гур ма вац! Тхо тӀам тӀехь буьрса нах ду хьуна! Ас сатуьйсу хьуна вай тӀаме хӀиттича, хьан бӀаьрг бузун дерг тхоьгара даларе!».
Мичара дара и дерриге а? Цу динца адамийн йолу марзо яра-кх иза. ХӀунда ду тахана ур-атталла деш долу и ламаз цхьаьна зӀок етташ деш?!
Итт секундехь саца а цу сужудехь, рукуӀехь хан йоцуш, марзо йоцуш цу ламазца, салам даларца кисанара хьалайоккхуш телпо йолуш, хӀунда аьлча марзо цу телпонаца ю, ламазца яц, ламаз дина ваьлча хӀинца садаӀа дезаш ву хӀара, амма вукханхьа дацара иштта, вукханхьа шаьш кӀадбелча церан садаӀар ламазе хӀиттарца дара. Ткъа иза вай билгал ма-даккхара деккъа цу заманахь хилла ма дацара, иза тахана вайн заманахь а долуш лелаш долу белхаш ма ду. Дела вевзучаьргахь ду-кх уьш. Дела вовза а вевзина веза царна. Пайхамар а веза царна. ТӀаккха хала дац и дерриге а дан. Делаца хьан марзо дӀахӀоттаеллачул тӀаьхьа хӀинца хала дерг хьо цу тӀера юхаваккха ду, хӀинца хьоьга и ламаз ца дайта ду хала, хьоьга и Ӏибадат ца дайта, и суннат хьоьга кхочуш ца дайта и ду хала инзаре.
Ӏибадат дарна тӀехь сецабора Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) шен асхьабаш. Уьш сеца ца лора... Цхьаммо схьа а вогӀий ша дерриге дахарехь марханаш кхобур ду, цхьа а де юкъара ца долуьйтуш, вукхо ша буьйсанна цкъа а вуьжур вац, кхечо ша зуда а ца ялош деккъа Ӏибадат деш Ӏийр ву, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀан-хӀа, мегар дац олуш, шен суннат и дац, ша дӀа а вуьжу, ша хьала а гӀоттий ламаз до, ша марха а кхобу, ца кхобуш са а доӀу, ша зуда а ялайо, ткъа шен суннат цадезарг шех вац, хӀан-хӀа, хӀокху кепара Ӏибадатна чудола мегар дац шуна бохуш. Ойла йой аша? Пайхамара сецош бу уьш цу Ӏибадатах, ткъа хӀорш цу Ӏибадатна чууьдуш бу.
ӀабдуллахӀ ибн Ӏамра марханаш кхобуш, Къуръан доьшуш цо лелош дерг Пайхамарна хезча, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьо иштта лелош ву аьлла ма хезна шена, бакъ дуй и аьлча, ду олу Ӏамра, тӀаккха Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) шовзткъа дийнахь цкъа чекхдаьккхичхьана тоьур ду Къуръан аьлча, вукхо хӀан-хӀа, Къуръана шовзткъа дийнахь чекхдоккхуш муха Ӏийр ву, хӀай Делан Элча олуш. Ойла е, шовзткъа шарахь ца даккхало вайга, шовзткъа баттахь ца даккхало, хӀора мархийн бутт тӀе мосазза богӀу чекхдоккху олий дола а дой долийначчехь дуьсу. Ткъа хӀокхуьнга Пайхамара хӀора шовзткъа дийнахь цкъа чекхдаьккхахь тоьур ду боху, хӀан-хӀа, вукхо-м шен кхин а алсам ницкъ бу, кхин а соввала лаьа шена олу, тӀаккха Пайхамара дика ду, хӀора баттахь, хӀан-хӀа шена кхин а соввала лаьа олу вукхо, тӀаккха Пайхамара хӀора кӀирнах олу, хӀан-хӀа, кхин а соввала, хӀора кхаа дийнахь олу Пайхамара, кхаа дийнал а кӀеззиг ханчохь деша мегар дац, хьуна хьайна хӀун дуьйцу кхетар дац олий Пайхамара сацаво иза. Марханаш кхабарх аьлча, баттахь кхо марха кхаьбчхьана, хӀан-хӀа, кхо марха кхобуш муха Ӏийр ву, шена соввала лаьа, тӀаккха хӀора баттахь шина дийнахь садоӀуш, цхьана дийнахь марха кхобуш аьлча, хӀан-хӀа, оццул кӀезиг ду, кхин а соввала лаьа шена олу, тӀаккха дедда-юкъа марханаш кхаба, Давуд-пайхамаран марханаш, хӀан-хӀа, кхин а соввала лаьа шена, кхин а деза дерг деза шена олу вукхо, тӀаккха Пайхамара дац кхин деза дерг, кхин соввийла ма гӀерта олу.
Сурт хӀоттадой аша цу белхан? ХӀара цхьана асхьабо лелош, цхьанна тӀехь хилла хӀуманаш ма дац. Муха хилла церан кху тайпа йолу марзонаш, и хан а мичара яьлла царна? Тахана вайн болу доьзалш болуш, вайн болу болх, некъ, арабовлар, чубовлар долуш, мерзаниг яа а, чубаха хӀусам а езаш нах ма бара уьш, цу нахана юккъехь ма бара Маккара схьабаьхкина мухӀажираш а, махках боьхна, маршонах боьхна чубаха хӀусам йоцуш, Ӏан меттиг боцуш Мадинатехь охьахевшина а боцуш, дехьа хӀорд йисте охьахевшина гуттар гӀаддайна цхьа рагӀу бухахь Ӏаш берш а, амма хӀара дерриге а долуш дара, оцу шайн хьолашца, шайн дуьненан белхашца, тахана вай дӀатекхош долу дуьненан белхашца, и дуьненан белхаш цаьргахь а долуш дара, делахь а, и дерриге доллушехь Дела везар дара церан дагчохь, Дела вовзарна везаш вара царна, И везаро царна и дерриге а атта деш дара.
Суна Къуръан деша хан яц бохург церан ца хуьлура, тахӀажжуд дан со ца лараво бохург церан ца хуьлура, сан суннат-ламаз дан карх ца долу бохург ца хуьлура церан, хӀунда аьлча царна АллахӀ везара, ткъа АллахӀ хьуна везавелча хьо цу хӀуман тӀера сецалуш вац, хьо цу тӀера юхаваккхалуш вац, хьо воккхуш вац цу тӀера Ӏазапо, таӀзаро!
Ца ваккхавелира юха Билал шечунна тӀера, Къурайшаша шена тӀехь латтош долчу Ӏазапо!
Ца ваьккхира юха шечунна тӀера Жулайбиб, дуьненан бахам шех дӀахадарх, шен нахана юккъехь уггаре тоьлларг юуш, тӀедухуш, хаза хьожа йогӀург хьокхуш, оццул курачу дагах лелла волу Жулайбиб, шечунна тӀера и ца ваьлча, цунна тӀера духар а цхьаьна охьа а даьккхина, шен дегӀ дӀакъовла тӀейоха хӀума а цхьаьна йоцуш, беркъа а ваьккхина, араваьккхира иза цуьнан наха, амма ца велира иза шечунна тӀера, хӀунда аьлча цуьнан дагна Дела везавеллера, дӀадаьллера кхидӀа дуьне а, бахам а, шегара машен дӀайолий, шегара бахам дӀаболий - и дан а дацара, дӀадалийта дерриге а, амма Делах воккхур вац ша олуш!
Ца Ӏехийра ӀабдуллахӀ ибн Хьузафа, керста наха дӀалаьцна йийсаре виначу хенахь, и Ӏехо, цунна питана дан уггар тоьлла, хаза ерг зуда цунна чуяхийтиначу хенахь, и набахтехь волуш, ца Ӏехавелира, ца ваьккхира и шечунна тӀера, цхьа мискъала-зарратал гал а ца ваьккхира иза! И волчу чу къаьркъа дохьуьйтуш, хьакхин жижиг дохьуьйтуш, и дикка мац а вина, хаьара цунна хӀинца шен и даа йиш юй, ша мукӀарло а дора цо, шена хаьа шен хӀинца хӀара даа йиш юй, делахь а, ас шу сайх кхарда-м дийр дац олуш, хьагвалийтина дикка чу къаьркъа дохьуьйтуш, шена хаьа хӀинца хӀара мала йиш юй, кху хьоле ша кхаьчначу волуш, делахь а, ша шу кхардор дац шех, шен динах ша шу кхардор дац олуш!
Ца ваьккхира ӀабдуллахӀ ибн Салам элалла дезаро шечунна тӀера! Хьаькамалла дара цуьнгахь шен дайшкахь дуьйна, жуьгташка хаьттича, шуна юккъехь муха стаг ву ӀабдуллахӀ ибн Салам аьлла: «Тхан эла ву иза, тхан элан кӀант а ву иза», - олий жоп луш. Шен дайшкахь дуьйна эла волуш стаг ву иза бохуш долчу хӀуманна юккъехь ша Пайхамарна тӀеверзахь, ша Дала бохучунна тӀеверзахь цу нахана юккъера шен дерриге и сий довш дуй гуш дара цунна, амма шек дӀа вацара иза, дуьненан хӀуманах шен дин духкур долуш вацара иза, хӀунда аьлча цунна АллахӀ везара, АллахӀ вевзинера цунна, цундела И везавеллера цунна, кхидӀа цо дерриге хӀуманах бӀаьргаш къовлура!
Иштта КаӀб ибн Малик ца Ӏехийра керста нехан орцано. Вайна девзуш долу дийцарехь, КаӀб Пайхамарца Табук гӀазоте вахаза висина, цунах нах дӀа а хьаьвзина, цуьнгара салам а схьа ца оьцуш хьола тӀе даьллачу хенахь, и чӀогӀа холчадаьлла, АллахӀа Къуръан чохь а ма-дийццара церан хьал: ХӀара дуьне шен доккхаллица гатделла и хьийзаш волчу хенахь, цунна керста нахера кехат догӀу, шен къомах болчу нахера: "Тхуна хезна, Пайхамарца хьан юкъаметтиг йоьхна хилар, схьавола тхо долчу, хьан аьтто дӀа ца баьлла хьуна, шаьш тӀелоцу хьо, дарже а хааво хьо", - аьлча, хьарча а дина, кехат сихха кхе кхоьссина дагийра КаӀб ибн Малика. ХӀан-хӀа, ша хӀокху некъа тӀехь ву, ва муха, хьоьгара салам схьаоьцуш а вац, ур-атталла хьан шича а, хьуна уггар дукхавезаш волу, Пайхамар я цхьаллиг-цхьаъ асхьаб а, хьоьгара вистхилар-м дуьйцур дац, хьайн зудчух а дӀакъастийна хьо, кху кепара хьо дӀатесна, хьоьгахь шело латтош болчу нахана юкъара хӀинца хьоьга дарж ду луш схьавола аьлча, дӀа а ца воьду хьо, ца воьду, сийна цӀе яьллехь а, хӀунда аьлча, цуьнан дагна АллахӀ ву везаш, цуьнан дагна Пайхамар ву везаш, хӀокхо бӀаьргаш ца къовлуьйту, шен оьгӀазлонаш хьалха ца йоху цо, шена тӀеӀоттаелла халонаш хьалха ца йоху цо, хӀорш шех дӀахадар, вукхеран шеца бала кхачар - бала а бац цуьнан, цу керста нехан орцанах Ӏеха ца ло иза.
Асхьабашха асхьабаш бинарг хӀун дара? Ӏакъидат яра-кх. Цу Ӏакъидато АллахӀ вовзийтинера царна. Ткъа АллахӀ вевзинарг йиш яцара хила, И везаш воцуш! Ткъа АллахӀ везавелларг хила йиш яцара кху тайпа а бен!
ХӀара Ӏакъидат, хӀара вай дуьйцуш долу хьал, и Ӏакъидат евзиначул тӀаьхьа, цу асхьабашна юккъехь хилла долу хьал дуй, асхьабаш бара уьш иштта чӀогӀа берш аьлла ма моьттийла-кх хьуна, асхьабаш болун дела, Пайхамар цигахь волун дела дара аьлла ма моьттийла-кх хьуна, дацара хьуна иза, и Ӏакъидат йолун дела дара. И Ӏакъидат ерш тахана а цхьаьна болуш бу хьуна иштта. Тахана а цхьаьна.
Дезткъа шарал дехьаваьлла волу, бӀаьрзе волу, къанвелла, воккха стаг, могшалла эшна волу Шайх ибн Базана уллехь хиллачо дуьйцу: «Тхо цхьана гӀуллакхе доьлхуш долуш, буьйсанна цхьанхьа садаӀа севцинчу хенахь, тхох хӀоранна а дахарехь уггар дезарг хӀинца наб яр дара-кх, тӀаккха дӀадийшира-кх тхо шадерш, моьттура тхуна тхаьш шадерш дийшина ду, амма шадерш ца хиллера. Ша вижина ву моттуьйтуш тхоьца Шайх ибн Баз а охьавижинера, амма тхох массарна а наб кхеттий шена хиъча, хьала а гӀаьттина ламазе хӀоьттира иза, Ӏуьйра-ламаз хан хуьлучу хенахь юха дӀавижира иза, юха Ӏуьйра-ламазна самабохучу хенахь ша вижина хиларан кеп хӀоттийна, самаволуш кеп хӀоттийна, юьхь тӀе куьйгаш хьокхуш самаваьлла, ламаз эцна, Ӏуьйра-ламаз дира цо».
ХӀара иштта хиллий кхарна муха хиъна аьлча, юха къамел дан буьйлабелча, ванах, со шиъ долуш самаваьлча Шайх ма вара ламаз деш, со кхоъ долуш самаваьлча а ма вара иза олу цхьаммо, вукхо диъ долуш самаваьлча а ма вара иза, вукхо со самаваьлча а ма вара иза, тӀаккха вукхо ша Ӏуьйра-ламазе самадаха хьалагӀаьттинчу хенахь вижина ма вара иза олу, иштта билгалдолу-кх царна Шайхо шайна динарг.
ХӀорш санна адам ма дара иза а, делахь а, цуьнан дагчохь Ӏакъидат яра, цуьнан наб еш долу дог дацара, набарал хьалха кхин Ӏалашонаш йолуш дог дара цуьнан дерг.
Ӏакъидато деш ду хьох адам. Хьан Ӏакъидате хьаьжжина адам хуьлуш ду хьох кху дуьненчохь. Мухха кепара хьан некъ белахь а, цу хьан Ӏакъидате хьаьжжина хуьлуш бу хьан некъ кху дуьненчохь. Хуьлийла хьан иза нахаца лелош йолу шалхонаш, ямартлонаш, лачкъор, ядор, яккхар, харцдерг дийцар, эвхьаза дерг дийцар, иштта кхидӀа а массо а хӀуман тӀехь а. Муьлхха а адам шен Ӏакъидате хьаьжжина хуьлуш ду. Бес-бесара Ӏакъидаташ евзуш верг, стаг муьлхачу Ӏакъидатера ву ма хиънехь кхетар ву цу стагаца ша хӀун лардан деза, цу стагера хӀун дала тарло а - иштта хӀума ю и Ӏакъидат. Цу кепара коьрта хӀума ю и Ӏакъидат.
Цу дерригенах вайна хаа коьрта дерг, довза дезаш дерг - Ӏакъидатан адамана Делаца юкъаметтиг хуттуш, марзо хуьлуьйтуш йолу хӀума хилар. Дела хьуна вовзарца хьуна везало Иза, И хьуна везавеллачул тӀаьхьа Цо бохучунна тӀера хьо юхаваккха хӀумма а дац. АллахӀа: "Шу юхадовлий цунах" аьлча, охьаӀанийна къаьркъа кхин юха тӀе ца гулдира, кхин юха чу ца деара цара хӀусаме и къаьркъа, ткъа тахана ахь дийцахьа нахе къаьркъанах лаьцна, сигаьрках лаьцна а дийца, эшарах лаьцна а дийца, дукха ду-кх и хьарам долу белхаш, дуьххьара дуьйна а чекхдаллалц Къуръан охьадешахьа ахь цунна, цуьнан цхьа а чо меттах ца болу, бахьана хӀун ду? Цунна ахь и дешарх хӀун пайда бу, цунна АллахӀ вевзуш вац, ахь хьан бохург де боху, ахь хӀокхо боху хьоьга, АллахӀа боху хьоьга бохуш ахь дуьйцуш хилча а АллахӀ цунна вевзуш вац, и Цунах хӀун аьлла кхоьрур ву тӀаккха, хӀун аьлла Цуьнца ларам хир бу цуьнан, хӀун аьлла Цо бохург цо лардийр ду, хӀун аьлла шен къайленаш а, ша а гуш ву аьлла и тешар ву, хӀун аьлла шена дийр долу хьесапах и кхералур ву, хӀун аьлла цигахь йолу жоьжахатих и юхавер ву, хӀун аьлла ялсаманига цо сатуьйсур ду?! Цунна и дерриге а девзуш дац, девзуш дац аьлча, цхьаболчеран ойланашка дан тарло, муха девзуш дац, тхуна-м хаьа жоьжахати юй, ялсамани юй, и-м керста нахана а хаьа, керста наха а олу "рай" ю "ад" ю, и хаар дац иза, и хаар хьан матто бохуш долу хаар доцуш, дӀо хьо бусалба хилар къера хила веза хьо бохуш, суна хаьа иза, со теша бахар доцуш, хьан дог ду цунах теша дезаш дерг, хьан дог теша а тешна, цу дагна ган дезаш цу ялсамани чохь дерг а, жоьжахати чохь дерг а. Хьуна довзарца го иза, и гиначул тӀаьхьа, хӀоккхахь дерг а, вукханхьа дерг а хьуна гича, тӀаккха АллахӀах дерг а, АллахӀ вовзарх дерг а, Цо хьайна луш дерг а, Цуьнан хьайца дика хилар а, Цо хьайх беш болу къинхетам а, Цо хьайн тӀехдуьлуьйтуш дерг а, Цо хьайн къайлакхоьхьуш дерг а, Цо хьайна могуьйтурш а, Цо хьайн тардолуьйтурш а, и дерриге а гуш, цунах хьо кхета воьлча, АллахӀан белхаш дуй, АллахӀа луш дуй хьайна, тӀаккха совдала долало хьан дагчохь АллахӀ везар, хьуна И вовза воьлча, и ду адамана тахана оьшуш дерг, тахана адамехь кхачо йоцург а и ду.
И ду адамехь тахана доцург, и цахилар ду бахьана тахана адамехь болу сингаттам, гӀайгӀа-бала, вижар дац, гӀаттар дац, молханаш меллий бен, наб кхеташ вац, хӀунда ду и дерриге а? Яц адамехь Ӏакъидат, дог паргӀат дац цуьнан, шен Дела вевзуш вац цунна, цуьнан дагчохь даима а хало ю, шена тӀедеана долчу хӀуманна а хало ю цуьнгахь, шена тӀебеана болчу баланна а хало ю цуьнгахь, шега деана долчу диканна а синтем бац цуьнгахь, и дерриге муха ду цунна, хӀунда ду цунна, хӀунда аьлча муъмин стаг бохучарех я цу агӀора Дела вовзарца йолу зӀе хаьдда ю цуьнан, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадисехь ма-дийццара: "Ма тамашийна бу муъмин стеган болх, (чӀогӀа дика тидам деш ладогӀалаш, муъмин стеган боху, муслим стеган ца боху, и муъмин бохуш долу леладарца цу чохь ишар ю геннахула Пайхамара еш, и Ӏакъидат евзуш верг вуй цо кхузахь вуьйцург, хӀунда аьлча муъмин мила хуьлуш вара, иманан баххех тешаш верг, уьш девзуш верг вара, ткъа и муъмин оцу белхашха тешарца кхочуш вара цу муъмин дарже, и белхаш яра-кх и Ӏакъидат) цуьнан берриге а болх бу цунна диканна, иза цхьана муъмин стагана а бен, кхин цхьанна а дац хьуна, шега цхьа дика болх кхаьчча баркалла олу цо Далла, тӀаккха цунна дика хуьлу-кх и, (Далла баркалла аларна Дала кхин а диканехь соввоккху иза, Дала беркат до цунна, Делера ял а хуьлу цунна, и дерриге а белхаш хуьлу цунна, шена тӀедеана долу дика ша къайла муха хьур дара-те, шен чохь доьзална а ца хоуьйтуш, хӀусамнанна а ца хоуьйтуш я хӀусамдена а ца хоуьйтуш, и дӀадилла гӀерташ, къайладахьа гӀерташ, нахана и ца хаийта гӀерташ, цу кепара ца леладо цо иза, и дерриге а лело а ца оьшу цо, хӀунда аьлча Дала делла ду цу Дала дӀаэцча а бен дӀадер дац, ткъа Дала дӀаоьцуш делахь, иза ас хӀуъа дича а и оьцур ду Дала дӀа, цундела и паргӀат ву-кх, Далла баркалла а олий, Дала делла-кх суна хӀара олий охьакхуссу цо иза, кхидӀа хӀун до цо) ткъа цуьнга бала кхаьчча собаре хуьлу иза", (собаре хуьлу иза Дала даржашкахь соввоккхуш, Далла шена дика лиъний, Дала муъмин стаг зоь, Дала мунепакъ ца зоь, керста ца зоь, муъмин зоь, тӀаккха цунах шена собаре хилча хуьлуш йолу ял, ша собаре ца хилча шен цхьа а хӀума хийцалуш цахилар, и дерриге а Ӏакъидат яра, шен Дела вовзар дара иза, цу кепара собаре хуьлу иза, тӀаккха паргӀат тӀехволу-кх Дала яздинарг хилла, Цо яздинарг соьга сацалур дац я хилларг хийцалур а дац со холчахӀиттича а, ас пенах корта биттича а, цунах ял хуьлу цунна, и цхьана дикане а доьрзу цунна).
Шена дика тӀедеъча а, вон тӀедеъча а кху кепара синтеме хуьлу бусалба стаг, ткъа и синтем болуш нах бевзий хьуна тахана? Бевзий хьуна и синтем шайн дегнаш чохь болуш болу нах? ЧӀогӀа кӀезиг карор бу хьуна. Нахехь сингаттам бу, нахехь бала бу, хьо тоьлла бахам болуш, тоьлларг хохкуш, хазаниг тӀеюхуш, диканиг юуш лелаш болчу нахе, хьо цхьажимма цаьрга болчу балане ладогӀа воьлча, нахе хьаьнг-хьаьнга а цара и бийца а ца буьйцу, амма и бийца безаш меттиг нисъелла, цара бийцича, хьо инзаре цецволуш, хьо инзаре хьайгарчу хьолана воккхавийна а ца волуш, баланехь ду адам. Боданехь ду адам, хӀун ду а цахуучу хӀумано дог дӀакъевлина, дагчохь бода лаьтташ, дуьне бӀарзделла ду адам, тахана дукхахдолу адам дуьненчохь иштта дехаш ду, бусалбанаш ахь схьалаьцча а, керстанаш-м муххале а бара.
Ткъа хӀунда ду и? АллахӀа вайна Къуръан дийцинарг ду-кх, кхин цхьа а хӀума дац: "Шен динах дӀахьаьвзинчуьнан дахар хала дийр ду Ша", бохура, хала йина цуьнан яар, хала дина цуьнан малар, хала дина вахар, хала дина цуьнан вижар - наб ца кхета цунна, хала дина цуьнан гӀаттар - сама ца валало иза, хала бина цуьнан болх - балха тӀехь дерриге хӀума дуьхьалдуьйлу цунна, хала йина цуьнан йохк-эцар - дӀа ца йоьду цуьнан иза, хӀунда аьлча Делан динах дӀахьаьвзина ву иза кху дерриге а хьолашкахь, Делан динах дӀахьаьвзинчуьнан дахар хала дийр ду АллахӀа Къуръан чохь бохуш долу, цу Делан динах ма яра уггаре коьрта ерг цу Делан Ӏакъидат, тӀаккха цу Делан Ӏакъидатах дӀахьаьвзина дац вай? ХӀан-хӀа, дац бохучо, нагахь цхьаммо хӀан-хӀа, дац бахахь, хьуна хӀун девзу Ӏакъидатах, хьуна хӀун девзу АллахӀах лаьцна, хьуна хӀун девзу Пайхамарах лаьцна? Хьан цхьана кехат тӀе яздан а хӀума дацахь, ахь ма баха хьо Делан динах дӀахьаьвзина вац я Делан Ӏакъидатах дӀахьаьвзина вац ахь ма баха. Делан Ӏакъидатах хьо дӀахьаьвзина, тӀаккха хьан дахар хала дина-кх Дала, Ша дийр ду аьлла схьа а аьлла Къуръан чохь хьуна билгалдаьккхинера Цо иза, и хӀинца хьуна хала дина, хӀинца хьо стенна реза вац, хӀинца хьо стенна ву гома хьоьжуш? ХӀара дича хӀара хьуна хир ду хьуна баьхнарг, АллахӀа Ша билгалдинарг ду хьуна тӀекхаьчнарг, ткъа цу дерригенах хьо кӀелхьарвала хила дезарг хӀун ду? Ахь хьайна Ӏакъидат Ӏамор, ахь хьайн дагна Ӏакъидат чуйиллар, ахь Ӏакъидат хьайн дагна хьехар, Ӏакъидат тӀехь ахь хьуо Ӏамор, тӀаккха хьуна АллахӀа вевзур а волуш, АллахӀ вевзиначул тӀаьхьа хьуна сингаттам богӀуш дерг хӀун ду а хуур доцуш, хир ю гӀайгӀа, гӀайгӀа йогӀуш хуьлу, сагатлуш а хуьлу, иза-м Пайхамарна а хилла, амма хорам беана, дог бодано дӀакъевлина, нийсса кху дешнашца боху соьга цхьаммо, боданехь ву ша, боданехь ду шен дог, бодано къевлина ду шен дог боху цо, цо ша мукӀарло до ша къинош летийчхьана хилла шена шегахь долу хьал, цу кепара боданехь ду адам, цу боданера хьалавала хьуна дезарг АллахӀ вовзар ду.
Ткъа АллахӀ хьуна вевзиначул тӀаьхьа хьуна И цавеза йиш яц! Хьуна И везначул тӀаьхьа тӀаккха бакъ дац хьуна хьо Ӏибадатах юхаветташ хьан болх хир бу бохург а, хьоьга суннат ца дойтуш, тахӀажжуд ца дойтуш, хьоьга азкараш ца доьшуьйтуш, Къуръан ца доьшуьйтуш хьан гӀуллакхаш хир ду бохург бакъ дац хьуна, хьан хан хир ю хьуна, хӀинца долу 24 сахьт а хир ду хьан, кхин оцу 24 сахьтана тӀе сахьташ совдевр а дац хьан, амма хьуна хан карор ю цу 24 сахьтана юккъехь, хьан хӀинца долу низамца хьо дӀавахча а хьуна Далла яла хан хир ю, хьуна АллахӀ везавеллачул тӀаьхьа, хӀинца а вац хьо и йоцуш, хьуна цалаар ду и, ткъа хьуна лаа хӀун диначунна луур ду, хьуна АллахӀ вевзуш а вац, ткъа вевзуш ца хилча хьуна айхьа и хӀун дан деш ду маьӀна а ца хаьа, айхьа ламаз хӀунда до маьӀна а ца хаьа, марха хӀунда кхобу маьӀна а ца хаьа, бусалбачара деш ду, тхан дайша дина иза бохуш дӀалелош ду ахь иза, дац ахь и марзонца лелош, ламазе хӀоьттича, айхьа-хьайга хатта, ламазе хӀоьттича хазахеташ, марзонца и ламаз дина вала ца лууш, дахдеш иза, хьуо и дина ваьлча, юха ламазан хан хиларе сатуьйсуш дой ахь и? Я хуьлу хьо ламазе дӀахӀоьттича, и мелла а сиха дина вала гӀерташ, цхьаъ дина ваьлча важа ламазан тӀекхаьчча бала болуш, ва, хӀокхара ламаз керара дала а ца вуьту, эца а ца вуьту кхара-м бохуш, молла кхойкхучунна реза а воцуш хуьлу хьан хьал, Дела ца вовзаре терра я хуьлу хьан хьал цу Дела вевзучеран, везачеран ма-хиллара?!
Цу тайпа долу хала дахарх адам хьалхадоккхуш ерг, адам "ас-со" бахарх хьалхадоккхуш ерг, и "ас-со" бахар адамашна юккъехь хӀунда ду, цу "ас-со" бахарал а лакхахь АллахӀ вуй ца девзу дела нахана, маттехула-м олу, керстачо а олу и, и дац коьрта дерг, цуьнан дагна ца евзу АллахӀан воккхалла, цу тӀурненехь долу Делан кхолламашка вай хьаьвсича, хӀинца а адам тӀекхиъна а доцу седарчий а, кхидерг а, цу дерриге а Делан Ӏаламашка вай хьаьвсича, цу Ӏаламашна юккъехь цхьа ченан меха а доцуш долу дуьненчохь, цу дуьнене диллича ченан меха а воцуш волу ша "ас-со" баха хӀун ду, хӀун ду шен, ша хьанах схьаваьлла ву, шех юха хила дезарг а хӀун ду, стенах кхоллавелла ву ша, ша стене воьрзур волуш ву, и дерриге а довза а девзина, цу дерриге а кхолламашна юккъехь Лекха, Сийлахь волу АллахӀ вевзуш волчо "ас-со" стенна бохур ду, цо хӀун пхьарс буьйцур бу, сан пхьарс 40 буй, сайниг 50 буй, цо хӀун дуьйцур ду, цо хӀун ворта юьйцур ю, цуьнан и дерриге а дийца меттиг бац, цунна АллахӀ вевзуш хилча, АллахӀ ца вевзун дела ду нахана юккъехь "ас-со" бахар а, иштта кхидӀа цунах йолу вон тӀаьхьалонаш а.